23 — 

Дуьххьара хьо гича

Дуьххьара хьо гинчу цу дийнахь дуьйна,
Нуьре ду сан дахар, яц соьца г1айг1а.
Амма со буьйсанна набарха вуьйлу,
Т1улг санна хетало месийн к1айн г1айба.

Цхьа башха ойланаш сан коьрте хьийза,
Ков доьллуш волу со-м ураме, ара.
Луларчу бешахь цхьа хьоза ду декаш,
Бу теша цуьнгахь а соьхь санна бала?

Деза те даима иштта сан ваха?
Дагардеш стиглара Седарчий сийна?
Хьо цхьаъ ю ерриге сан йовхо, бахам.
Хьо йоцчохь г1орийча санна ву шийла.

Кхоьру со-м висарна д1абайна безам,
Ойлано, г1айг1ано корта, дег1 дуьзна.
Деза те даима ишта хьоь хьежа?
Ткъа лаьа хуьлийла ирсах хьо юьзна.

-------------------------
Шаид Рашидов