76 — 

Язделахь

Хьо йоьлуш малх санна,
Къегана яйча,
Воккхавеш воьрзура
Генарчу г1ала,
Ткъа тахна хьан б1аьргаш
Кхоьлина дайча,
Г1айг1ане ойланаш
Хьийза сан коьрте.

Хьоьгара сингаттам
Сайна т1еиэца,
Кийчча ву г1оьнна со
Иэшначохь хьуна.
Даим хьо ирс долуш
Даим хьо йоьлуш,
Самукъне хуьлийла
Лаьар-кха суна.

Къоначу хьан дагна
Х1ун цатам хилла, -
Дийцахьа, сан безам,
Ма 1ехьа, тийна,
Г1елъелла хьо хилча
Хуьлий со-м г1ийла
Хьан дог ду даима
Сайчух д1аийна.

Хьо йолчохь дог дуьтуш
Д1авоьду генна,
Д1авоьду юха а
Хьоьга сатийса.
Кехате ладоьг1уш
Лардийр ду денош,
Хьайгара хьал дуьцуш
Язделахь сихха...

-------------------------
Абузар Айдамиров