93 — 

Сайн седа лоьхуш

Жима йолуш кест-кеста йолура ара.
Буьйсанан йистехь, стигланан лакхехь
Лоьхура серло - и седа бара,
Сайн дагна хазбелла,
Хаьржина седа!

Доттаг1чо санна, седане ас хотту:
"Алахьа, хьо буй-те сан ирсан седа?"
Амма шен паччахьийн лакхара хьоьжург
Лепара жоп ца луш, латта шех хьегош.

Юьртарчу йо1ана, суна, ца хиъна
Хиллера и лепар - алун ницкъ буйла.
Хаацара лаьттарчу ураман новкъахь
Сирлачу б1аьргаша со лохур юйла!

Цу шингахь хаало сан даг чу кхийдар,
Царшимма хаттар до: "Хьо юй тхан серло?"
Сан ирс мел совдаларх, шу хир дац хийра:
Хало а, атто а йоькъур цхьатерра!

Шуьшинца некъ бан со кийчча ю тахна,
Хинйолу сан стихаш керла аз хир ду.
Къан ца лун даггара безам а бахна,
Суна шу лепийла, лаьттан ши седа!

-------------------------
Раиса Ахматова