14 — 

Хуур дац хьуна

Генналлехь дог 1ийжар
Хуур дац хьун,
Хуур дац мерзачу набарха вийлар,
Сатуьйсуш ваха а
Хала ду къастаран
Къахьал мийла.

Хьо лоьхуш денна а
Новкъа совуьлу,
Ца гича баланаш
Сов базло суна.
Сайн эккха доллу дог
Ас кийрахь къуьйлу,
Иза а хуур дац хьуна.
Лаккхара хьаьжча а
Гаре сатуьйсуш,
Вуьйлу со юьртана йистерчу гуне.
Ерриге къайленаш 1аламе юьйцу,
Иза а хуур дац хьуна.

Хьо х1унда ели сох
Оццула хера?
Хьо йоцург цхьа а гач
Дахарехь суна.
Хьо езаш дог ду сан
Безамна къера,
Амма и хуур дац хьуна,
Хуур дац хьуна.

-------------------------
Шаид Рашидов