39 — 

Сан деган аз

Хьо йицъян ницкъ бац соьхь, цунна дог 1ийжа,
Гечделахь, юха хьан лар лоьху ас.
Бешарчу кхура т1ехь цхьа хьоза тийжа
Хиъначух деган хьал, хезначух аз.

Мила ву дуьнен чохь ваьхнарг там хилла?
Ирс ца карадо кхийдарх а т1е.
Цкъацкъа дог кхулу сан х1оьттинчух чилла,
Юха а лета чохь безаман ц1е.
Сан дахар чолхе ду: тийналла йоцуш,
Ойлане 1ехано биллина гуо.
Наггахь цо сацаво нуьцкъала лоций,
Юха а д1ахоьцу бохучух "г1уо".

Хьо йицъян ницкъ бац сан, ца гуш дог 1ийжа.
Тховса а хьо лелла лар лоьху ас.
Бешарчу кхура т1ехь цхьа хьоза тийжа,
Хезна-те цунна а сан деган аз?

-------------------------
Шаид Рашидов