6 — 

Синтем бац

Денош ма д1аоьху,
Хьо гучу ца волуш,
Буьйсанаш яхъелла,
Хьан къамел ца хезаш.
Сингаттам даг т1ера
Суна бац д1аболуш, -
Хьомениг, алахьа,
Хьо х1унда ца вог1у?
Набарха ма-елли,
Со коре хиира,
Батте ас хаьттира:
"И х1ун деш ву?" - аьлла.
Соьга схьахьаьжначу батто схьаэлира!
"Цунна гуш даима
Хьан сурт ду, йо1", - аьлла.

-------------------------
Раиса Ахматова