58 — 

Хьо-цхьа ву

Хьо-цхьа ву.
Ткъа сан а сагатло
Сайца хьо воцуш.
Вай т1аккха х1унда ду,
Алахьа
Морзаха дехаш?
Ца кхета,
Дегнашкахь ца хилча
Б1аьсте вайн йолуш,
Муьлхачу ницкъаца
Д1о зезаг
Хьекъаш ду.
Хьекъаш?..

-------------------------
Малкан Исмаилова