31 — 

Хаалахь

Ахь боху: "Мичахь бу безам?
Поэтийн туьйра ду и".
К1еззиг бац цунах хьан кхетам.
Цундела суна чов йин.

Даьссачу даг чу ца бог1у
Дахарехь цкъа а и, йо1.
Цунна хьан кийра ца богу,
Шело ю гулъелла чохь.

Ахь хьайн дог массарна декъна,
Х1унда ца къастийна цхьаъ?
Мил-милла хьоьстуш хьан къехьна...
Сирачо шийланиг кхаъ.
Безамаш лаьттехь ца хилча,
Кхетар а бацара малх.
Массо а хьо санна тилча,
Дуьне а лур дара къахь.

Хаалахь, даим бу безам,
Малх мел бу, хир а бу и.
Адмаш вовшашна деза,
Т1аккха бен кхоллалац ирс.

-------------------------
Шаид Рашидов