34 — 

Х1ун ду-те: "Тоьур ду" алар?

Х1ун ду-те: "Тоьур ду" алар?
И стенах доьзна ду ахь?
Нисло стаг к1еззиг галвалар
Сихлой ма хадабе мах.

Шек йоцуш эли и дешнаш,
Накъост а елакъежи.
Ц1ий а ца ели хьан беснеш,
Ойлане ши б1аьрг сеци.

Бен доцуш хийти уьш суна,
Стенна ца иккхи сан дог
Иза а хуур дац хьуна,
Кхечуьнца боккхур бу ког.

Тахана хьаьжи соь шийла,
Аьлла дош тергал ца дин.
Къасторан д1овш доьтти кийра,
Хиллачун ойла ца йин.

-------------------------
Шаид Рашидов