17 — 

Юкъал а буьйса

Юкъал а буьйса т1ехъяьлла,
Сийналлехь седарчий къиэга,
Аренаш набарха йоьлла,
Мархашлахь батто до нека.
Г1енах хьо дуьхьал а яьлла,
Хеназа со набарх ваьлла,
Набкхетац. Хьуна г1ан делла,
Далахьара сахилла даьлла.

Мерзачу набарха йоьлуш,
Беснеш т1ехь к1аьгнаш а х1уьттуш,
Ховхачу меттахь хьо 1уьллуш,
Г1енах гуш со велар хьуна.

-------------------------
1арби Мамакаев