91 — 

Малх дукъал т1ехьа буллушехьа

Малх дукъал т1ехьа буллушехьа,
Стиглахь седарчий даьржжашехьа,
Ас сайн дог хьоьга д1акховдадо,
Сан сирла ойла цуьнца д1ало.

Хьо сан деган безам, йовхо ю,
Сан г1айг1а, йоккхаер-тем хьо бу.
Мерза хьоьстуш, ас хьо вохвийр ву,
Г1айга-балех ас хьо ларвийр ву.

Суьйре 1аржлуш г1айг1ано ягош,
Сайн къайле ас седарчашка ло.
Муха хуур ду хьан дагахь дерг!

Хьо сан шеко а, къайле а ю,
Хьан даг чу хьажа со лууш ю.
Сайчух буста безам карабахь -
Ирсах йоккхаеш, со ехар ю.

-------------------------
Раиса Ахматова