44 — 

Со оьшу я веза

Со оьшу я веза ца моьтту суна,
И хан сан т1ехъяьлла хила тарло.
Делахь а юххехьа х1оьттича хьуна,
Стенна ду ца хаьа, сихха къонло.

Дог дог1у юха а бердашца ловза,
Д1аяйна ас парг1ат еш йолу наб.
Дийзи сан хийрачу махкахь хьо йовза,
Ца гарна кхоьруш хьо б1аьргаш лац хьаб.

-------------------------
Шаид Рашидов