28 — 

Со шан цуьрг ю

Со шан цуьрг ю - жима г1орза, -
Лар ца яхь, со аталур ю.
Нагахь хьастахь к1еда-мерза,
Хьан дагах со, ешна, уьйр ю.

Ма шелъе со, хьайца хьохьа,
Ца 1ало со шан хилла.
Маьлхан дакъа сунаъ лохьа -
Ешар ю со, хьох д1аийна.

-------------------------
Раиса Ахматова