71 — 

1ехийна безам

Карла х1унда буьйлу-те хьо, безам,
Карзахдохуш цкъа лазийна дог.
Хьалха санна хьан хазалле хьеэжа,
Цкъа 1ехийча-дог1ур дуй-те дог?

Цкъа д1абайча хилла болу тешам,
Юхаметтах1оттон еза мелла а хан.
Сох б1окъежна, ахь синна бина эшам,
Де мел дели хала хилла лан...

-------------------------
Муса Сейлмуханов