49 — 

Баркалла хьуна

Баркалла боху ас даггара хьуна,
Лелорна генарчу 1аьршашка вохуш,
Эшамаш бицбина, дог делла суна,
Яхарна стом боцу ирсан урд охуш.

Баркалла боху ас тешаме хилла
Ларбарна соь безам, галъялар доцуш.
Кхолламо идаварх со генна хийла,
Хьежарна шалхалла дег1аца йоцуш.

Баркалла боху ас г1айг1ане воьхна
Веача седанах х1оттарна юххе.
Дахаран хьийзарехь цхьа г1алат доьжча,
Къинт1ера валарна соьга ладуг1ий.

Баркалла боху ас илланча варна,
Оьздаллех, г1иллакхах цкъа а ца юхуш,
Дера дош ас аларх, сан т1алам барна,
Оьг1азе жоп делла, юха ца тухуш.

Баркалла боху ас б1аьргашна х1инца,
Хьехарна экаме йовхонехь хьостуш,
Дерриге мел хилларш ца мега дийца
Къайленехь бина шад кхечарна бостуш.

Баркалла куьйгашна, б1аьргашна, хьуна,
Хаздарна сан дахар еххачу хенахь.
Эзарнаш шарашкахь вахарх а, суна
Хир ю хьо безаме, ера яц хера.

-------------------------
Шаид Рашидов