27 — 

Беха некъ

Беха некъ нисбелла тахана
Вайшина юккъехь,
Амма хьо йицйина сада1а,
Ца юьжу ойла.
Дависа, велира, хазаниг,
Со хьуна юххехь,
Йог1ур ю и хан а, малолахь
Кхечунах 1еха.

Диц ца ло хьан яр а шовдане
Ломарчу юьртахь,
Ловзадар гуьлмаьнда мехкарий
Гора хьан суьртахь, дог ловза дуьйлура ца човхош
Цхьана а воно.

Буьйсанна вуьйлура седарчийн
Стиглахь со т1ома.
Ирсе а лорура дуьнен чохь
Йоккхучу ханна.
Лаьтта т1ехь хилла дац, хир а дац
Х1умма хьол хьоме,
Ахь алахь, дог а сайн даьккхина
Лур ду хьо цхьанна.

Тахана-м беха некъ нисбелла
Вайшинна юккъехь,
Амма хьо йицйина цхьа минот
Зама ца йолу.
Дависа, велира, хьомениг,
Со хьуна юххехь,
Массо а долу дош кийрара
Хьан ц1арца долу.

-------------------------
Шаид Рашидов