10 — 

Дикка хан д1аели

Дикка хан д1аели
Т1етт1а кхачанза,
Сатийсар совдаьлла
Г1елвелла со.
Яздехьа, буй те хьан
Соь безам банза?
Кхечуьнца хьо ехаш
Г1енаш а го.

Тергечух лела со-м
Урамаш хедош.
Верза а ца туьгу
Винчу ц1а со.
Батто а меллаша,
Шеха а хьегош,
Серло а гонаха
Д1аяржайо.

Х1ун де ас?
Цхьа а вац
Орцаха вала.
Вог1алой лаьтта со
Ойланаш еш.
Кийрахь бу вай вовшех
Къастаран бала,
Гонаха хьовзахьа,
Дагна там беш.

-------------------------
Шаид Рашидов