53 — 

Сан къайле хуур ю

Сан къайле хуур ю, хаза ахь дийцахь,
Хьан деган лай ву со - хьуна и эшахь.

Вуо диц ден туьйранча мега сох лара,
Йиш лоькхуш каравахь хьайн деган г1алахь,

Декъазчуьн барзакъца хьайн к1ет1а х1оттахь,
Доьхначу дийно цкъа хьовзийна готта,

Деший а, жовх1арш а ца кховдош соьга,
Хьайн б1аьрхиш кховдадар доьху ас хьоьга.

Цул т1аьхьа накъостий ца оьшу новкъахь,
Ахь суна ницкъ лур бу седане кховда.

Тидамза дош аьлла вас хилча хьайна,
Бехк баккха.
Цу бехкан 1азап а лайна,

Резаян хьо сайна лаам а хилла,
Мега ас хьан даге ирсан т1ай тилла.

-------------------------
Сайд-Хьасан Тагаев