88 — 

Паччахь ю со х1инца

Паччахь ю со х1инца. Шорта ду хьал а,
Дуьненан хазалла - ерриг сан ю.
Вола сан х1усаме - ахпаччахьалла,
Ахь дехахь, и хьуна ас д1алур ду.

Ахь ехахь - д1алур ю аренаш, хьаннаш,
Х1аваэхь тохкур ду ас хьуна т1еш.
Лелачу некъашка, кузашка яржош,
Тосур ю стиглара к1еда мархаш.

Ахь дехнарг дерриг а д1алур ду хьуна,
Седарчий хорханаш езахь лур ю.
Сел боккха ницкъ болчу ирсечу суна
Хьо а ишшта ирс долуш ган луур ду.

Дехахьа... Х1инца а ца хьа хьуна -
Хьан безам буйла и ницкъ белларг хьуна?!

-------------------------
Раиса Ахматова