90 — 

Наб кхетац ехачу буса

Наб кхетац ехачу буса,
Седане наб йоьху аса.
Сох къа а хетта, цо суна
Безаме хичаш йо лакхахь.

Бовзачу новкъа со йоьду,
Юьртана йолу со генна.
Т1улгашна юккъехь цхьа шовда
Дистхуьлу, дош олуш хьоме.

Г1оьнна со кхайкхира хьоьга,
Йовхо а йийхира жимма,
Амма хьо схьахьаьжир соьга...
Т1ехвелира юххешха шийла.

-------------------------
Раиса Ахматова