68 — 

Цкъацкъа хьо карзахдолу

Цкъацкъа хьо карзахдолу,
Цкъацкъа хьо делало,
Цкъацкъа ахь соьга олу:
"Цкха а къан ма ло"!
Цкъацкъа б1аьсте йолу
Цу хьан г1айре т1ехь.
Цкъацкъа меттахдолу
Езар йог1уш гахь.
Цкъацкъа дуьйлу ловза,
Дахарх марзо луш,
Цкъацкъа туху ткъес ахь,
Шерийн доза гуш.
Цкъа сан 1амал елхош,
Б1аьрса даьгна гахь,
Ду сан хьоьга дехар: -
Яхь ма лолда ахь.

-------------------------
Муса Сейлмуханов