78 — 

Генарчу йо1е

Тийна лаьтта сийна хьаннаш,
Мохо хьоьстуш леста г1аш.
- Г1ел ма лохьа, - бохуш санна,
Бай т1ехь техка зезагаш.

Хьалха санна чехка Яьсси
Буьрса бердийх деттало.
Амма суна-м ахь дог лаьцна,
Суьйре тийна хетало.

Яц хьо соьца, юххехь декаш
Хьоме хьан аз хезаш дац.
1аьржа б1аьргаш, малхах лепа
Йогу беснеш суна гац.

Гена некъ бу, - яц хьо генахь,
Хьо даим сан дагчохь ю.
Кхоллам белахь вайша бертахь
Ирсе цхьаьна дехар ду.

Суьйранна цкъа хьайн сагатлахь,
1аламе ладог1алахь.
Мелчу мохца беснеш хьоьстург
Со хир вуйла хаалахь.

-------------------------
Абузар Айдамиров