87 — 

Хьайна езахь

Хьайн ник1апа т1ехьа туьйсуш,
1аьржа б1аьргаш ткъесах лепаш,
Даьсса хабарш соьга дуьйцуш.
Сан лар толлуш ма лелахьа.

Наггахь даккхий синош дохуш,
К1айчу куьйгин п1елгаш сеттош,
Хьайта ядий йола бохуш,
Тхан хин коьрте ма х1иттахьа.
Сан ден баьрчче дехарийца
Къоьжа нах ма хийшитахьа,
Сан нисаршка кхаьънаш кхийдош,
Биэзам иэца ма г1ертахьа.

Хьайна лаахь соьца ваха
Латта эрна ма хьешалахь,
Хийций болар, тийна дахар,
Къонахашлахь хьуо гайталахь.

Дайша хьехна оьзда г1иллакх
Даим хьайца ахь ларделахь.
Соьга кхийдо безам, тешам
Вайн халкъаца бекъий лолахь.

Суьйранна малх чу буззале
Вола т1аккха тхан хин коьрте,
Ала соьга: "Йола, Зулай", -
Малх теш лаьцна г1ур ду вайша.

-------------------------
Абузар Айдамиров