79 — 

Суна-м хьо езара

Суна-м хьо езара
Х1инца а еза,
Амма хьан сагатдеш
Кхин лелар вац.
И безам хьоь болу,
И бовха безам
Валлалца сайн дагах
Къасталур бац.

Ахь сайга аларна:
"Хуур ду хиндерг"...
Лун дела даима
Елалой дош,
Кхоьррушехь кху дийнах
Сайн дагахь мел дерг
Дийцира,
Яздира,
1ехалуш дог.

Кхета со: ма дарра
Ала ца х1уттуш,
Сан дагна там лоьхуш
Хиллера хьо,
Хьайн дагахь ца1 долуш,
Соьга кхин дуьйцуш,
Ахьа хьайн бертаза
1ехийна со.

Хьо езаш кийрара
Дог догу аьлча,
Х1унда ца къахкийра
Човхавеш ахь?
Сан деган къайленаш
Хьо ешна яьлча,
Сел къиза д1а х1унда
Тетти со ахь?

...Уьш карладуьйлуш сан
Кийра ц1е кхерста,
Делахь а хьоьца хьаг1
Йолуш вац со.
Лууш ву хьайн дагна
Везачух кхетта,
Со хьоьгуш
Ирс долуш,
Ехалда хьо...

-------------------------
Абузар Айдамиров