13 — 

Алахьа

Алахьа, хьомениг, хьо мичахь лела?
Аса-м хьо суьйренан седанца лоьху,
Ойлано хьарчийна, дицделла велар,
Массо а заманахь до1анца йоьху.

Х1унда хьо д1аяйна цхьа а жоп доцуш?
Сахуьлу седанца яха те яьлла?
Йисите я соьга безам а боцуш?
"И саннарг кхечанхьа корор ву!" - аьлла?

Я т1еман балано човхийна кийра.
Юьжий те дог лозуш басешца ломан?
Я еха к1ордийна къайленаш къийла,
Геналлехь, къаьстина хьомечу къомах?

Хьо бен сан яцара ойбуш ерг ойла,
Серло а, йовхо а лора ахь суна.
Масех шо д1адаха ца хуьлуш гойла,
Дахаро вицвина теша со хьуна?

Алахьа, хьомениг, хьо мичахь лела?
Суна-м хьо йиц ца ло, дуьхьала х1уьтту.
Ирсах а хьаьдда со, дицделла велар,
Наггахь гой г1енаха, меттара г1уьтту.

-------------------------
Шаид Рашидов