42 — 

Со виц ма велахь

Стигланаш т1ейоьлхуш санна,
Ткъес детташ чехка мох хьекхарх,
Кхералой, к1еззигчу ханна,
Хьомениг, со виц ма велахь.

Б1аьстенан довхачу дийнахь,
Олхазар шайн корехь декахь,
Ладоьг1на, ойлане тийна,
Хьомениг, со виц ма велахь.

Суьйренца шовдане яьлча,
Жимма т1е ца кхочуш хьелахь,
Вог1ур вац тахана, аьлла,
Хьомениг со виц ма велахь.

Кхачор бац сан безам бийцарх,
Кхочур ву, дог тешна 1елахь.
Дезарх мел халонаш 1ийша,
Хьомениг, со виц ма велахь.

-------------------------
Шаид Рашидов