36 — 

Стиглано барт боху

Стиглано барт боху кху лаьттан некхах,
Моттало, седарчий куьг кхоччехь ду.
Бутт рег1а т1ехула меллаша текха,
Цецвохуш гонаха тийналла ю.

Геннахь, д1о аренца хаало серло,
Говро а наг-наггахь туху шен берг.
Сан накъост, маса дин, оццул ма г1елло,
Хаац-те хьуна а сан дагахь дерг.

Х1ара ю езаро йиллина меттиг,
Ма терса, кхочур ю, герга ю хан.
Вай нускал дуьгар ду кхузара кестта,
Х1инца шиъ д1адига дезар ду хьан.

Стиглано барт боху кху лаьттан некхах,
Моттало, седарчий куьг кхоччехь ду.
Бутт рег1а т1ехула меллаша текха,
Дог делош йог1уш ерг хьомениг ю.

-------------------------
Шаид Рашидов