1 — 

Юха а хьо гина

Мелла хан д1аяьлла,
Вайшинна девзина, дезна.
Дийзира цкъа ваха:
"Кестта ц1а вог1ур ву", - аьлла.

Ткъа ирча кхаъ бара
Геналлехь шел а веш хезнарг,
Бохура цхьаммо соь:
"маре и яхна, аьлла!"

1адина санна со
Висира хьа ца луш меттах
1овжийра кийра а,
Балано к1айбира корта.
Дикка со лаьттира
Волчуха г1антах а летта,
Ахь суна битира къастаран баланаш шорта.

Со ц1ехьа хьаьдира,
Стиглане лакха а ваьлла,
Набаран суй боцуш.
Вог1ура геннара ц1ехьа.
Моьттура хьо гур ю
Ц1а вог1уш дуьхьала яьлла,
Денош д1аихира
Хьо ца гуш шерел а деха.
Дикка хан елира
Даго т1е ца лоцуш къастар,
Ахь кийра йоьллина йовхо.

Диц ца ло тахана
Довхачу дешнашца хьастар,
Дагахь а дацара
Хирг хилар цхьаммо юкъ йохош.

Юха а хьо гина,
Кийрара ц1е меттах хьайна,
Хьоьха ца къасталуш,
Къамеле ваьлла со хьийза.
Ас санна безаман халонаш цхьаммо ца лайна,
Стиглане айелла
Мархашлахь аьрзу а хьийза.

-------------------------
Шаид Рашидов