86 — 

Хьо волчу йог1у со

Хьо волчу йог1у со
Ламанан новкъа,
Кераюкъ лепачу
Седанах юьзна.
Дуьххьал-д1а хьо лела
Некъ серлабаккха,
Йохьу ас седанан
Серлонан хазна.

Буьрсачу дарцо хьо,
Доттаг1 сан, шелвахь -
Сихлур ю, малх хилла,
Со юххе яла.
Хир ю сох 1уьйре а -
Ойлано г1елвахь,
Буьйса а санна, хьан
Г1айг1а д1алалла!

Некъ бечохь мох-дарц а
Нислуш ду хийла.
Дог1ано хьовзавахь,
Сан ц1е ахь яккха, -
Г1оттур со, б1аьстенан
Стела1ад хилла,
Дог1ано т1адорах
Хьо хьалхаваккха.

Хьаглой хьо, - ламанан
Шовда а хилла,
Хьо волчу хьодур ю
Т1улгашна юккъех.
Нагахь хьо къовсамехь
Г1о оьшуш хилча,
Орцах со кхочур ю -
Ларор ду вайша.

Хьо волчу йог1у со
Б1аьстенах, эсал,
Цхьана а халонах,
Дарцах ца кхоьруш.
Даггара тешалахь:
Хир яц со осал,
Къонахчун некъаш ас
Хьоьца д1акхоьхьуш.

-------------------------
Раиса Ахматова