3 — 

Йог1ур юй теша цхьа зама

Йог1ур юй теша цхьа зама,
Йовхонца ахь кховдош куьг?
Я вовшех къастий те Дала,
Къинхетам ца беш соьх цуьрг?

Хьо суна кхоьллина бохуш,
Зезагаш техкара дайн.
Къайлаха стиглане вохуш,
Батто кхаъ бохура шен.

Зезагаш шелоно дайъи.
Мархаша д1ахьулби бутт.
Езна йо1 кхолламо яйъи,
Ца кхойкхуш д1атий х1уттут.

-------------------------
Шаид Рашидов