45 — 

Со новкъа вуьйлу

Бехачу новкъа со вуьйлу,
Юха цкъа гур яц те, бохуш.
Къастаран къаьхьалла муьйлу,
Къайлаха синош а дохуш.

Эхь хета безамаш хьехо.
Къоналлин шераш т1ехтилла.
Амма со ца г1ерта 1ехо,
Ца волу лело а х1илла.

Дуьххьара евзина де а
Диц ца ло.
Диц деллий хьуна?
Дагахь ю хьан хаза ц1е а,
Лехарх хьо-м карош яц суна.

Алахьа цхьаъ веза нене,
Г1иллакхах ца юхуш къоман.
Толлур яц вайшиммо гене,
Юха цкъа гур яц те, бохуш.
Къастаран баланаш муьйлу,
Къайлаха синош а дохуш.

-------------------------
Шаид Рашидов