74 — 

Ирзехь

Сингаттам сов баьлча
Сатеда вог1уш,
Бераллин мерза мур
Ас бихьна, ирзо,
Тахна а кхечи со
Хьоьга б1аьрг тоха,
Хьоьца сайн дог 1ехо
Ойла ян ирсан.

Амма дог 1ехалац
Х1инццалца санна,
Ду иза езачо
Йийсаре лаьцна.
Генара сан безам!
Массо а ханна,
Хьоьца ю сан ойла
Йиллина сецна.

Кху ирзехь кхора т1ехь
Къоркхокха бека,
Дитташ а вовшашна
Т1етийжаш техка,
Шовда ду т1улгашца
Зурманах декаш,
Ткъа, сан дог, хьо гаре
Сатуьйсуш кхехка.

Ойла хьо лелачу
Урамехь кхерста,
Ахь денна болх бечу
Хьаьттахь и соьцу,
Хьайн хазчу куьйгашца
Каде къахьоьгуш
Хьо сайна хиъна 1аш
Гуш санна хета.

-------------------------
Абузар Айдамиров