47 — 

Даггара езаш

Даггара езаш, ткъа безам
Хьоьга д1абийца ца лууш,
Дахарехь берриге эшам,
Хазаниг, хьоьцанна гуш.

Лийлира ойлане ваьлла,
Массанхьа лоьхуш хьан лар.
Ирс хеташ ара а яьлла,
Урамехь х1оьттина гар.

Х1инца а лела со-м тийна
Даг чуьра дийца стаг вац.
Седарчий хьуьйсу соь шийла,
Ведда ван меттиг а бац.

Хьо езаш мерза наб яйна.
Кхоллам бу къайленийн теш.
Юьхь т1ера ц1ен бос а байна,
Хораман къурдаш а деш.

Къа хьайна хьаьрчарна кхерац?
Х1унда сан дагадо дог?
Ца везахь ала соь везац?
Х1аллакье кийрара бог.

Даггара езаш, ткъа безам,
Хьоьга д1абийца ца лууш.
Веха со-м берриге эшам,
Хьомениг, хьоьцанна гуш.

-------------------------
Шаид Рашидов