19 — 

Х1ора де дахлуш ду, моттало

Х1ора де дахлуш ду, моттало,
Хьо воцуш, хьо ца гуш, хала ду суна.
Амма со набаро эшайо -
Вог1ий хьо схьах1утту суна.
Езий-те?
Жоп лохьа суна:
Кеста соь ирс хьоьжуш дуй-те?
Г1ан доцуш, самах ца гур-те?
Даима суьйренца соьца,
Хьо воцуш, бутт х1унда соьцу?!
Батте ас сайн хаттар делча:
"Беха ас хьоьгур буй бала?" -
Беттаса, жоп доцуш, дайра,
Ца лиъна бакъ дерг схьаала.
Сагатлуш, тем боцуш дагца,
Хуьлу-кх со кхоьлина цкъацкъа.
Хетало, теша йиш яц-кха,
Амма со ца хилла цкъа а
Бакъ безам, ц1ена дог-ойла йицъян а, ширъян а лууш.
Хьомениг, хаьа суна, вог1ур ву хьо,
Цул а сов сайн стихах тешан ю со -
Сан г1енех дерг ду хуьлуш.

-------------------------
Раиса Ахматова